123ru.net
World News in Chechen

Путин: Оьрсийчоьнца боьзна бакъонан боцу сацамаш тIеоьцу Европан кхело

012
Путин: Оьрсийчоьнца боьзна бакъонан боцу сацамаш тIеоьцу Европан кхело

Европан адамийн бакъонашкахула кхело Оьрсийчоьнца боьзна "къайлаза бакъонца боцу" сацамаш тIеоьцу, дIахьедина президенто Путин Владимира. Цо дийцарехь, "цунна дукха хенахь дуьйна гуш ду цхьаболчера юьстахара Оьрсийчоьнна урхалла дан лаам хилар".

 

И дIахьедарш Путина дина пахьалкхан Конституцина тIехь хийцамаш кечбан кхоьллинчу белхан тобан декъашхошна хьалха вистхуьлуш.

Болчу хаамашца, Оьрсийчоьнна дуьхьал бинчу латкъамашна юкъахь доккхахадолу дакъа ду Къилбаседа Кавказехь, ша аьлча Нохчийчохь лар йоцуш адамаш дарца а, йина кхел а, таллам а боцуш нах байарца а доьзна.

Комментарии для сайта Cackle




123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в режиме онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас.