123ru.net
World News in Chechen
Январь
2020

"Верас оьшу – таксист елахь а, зуда ма юй иза, цунах жоп дала деза»

0

Ацаев Бека

Муха беш ю шен болх Нохчийчуьра зударийн такси

Нохчийчуьрчу зударшна лерина «Мехкарий» такси юкъаелира стохка бIаьста. Совдегаралла а, инновацеш а шоръян коьллина йолу Заед Шайхан фонд яра оцу проектана ахчанца бух биллинарг. Пхи машен яра юьхьанца таксопаркехь. Ткъа тахана яц йиъ бен – хала ду зеделларг долу зударий-машенлелорхой каро.

Дов а до, баркалла а олу

Интернетехула зударшца тасаделлачу къамело яьккхира ша керлачу новкъа, боху таксопаркан директора Цакаева Мадинас. Цуьнан шен а нисделлера цкъа зудчуьнца-таксистаца дIасаяхар: вуно атта ду ишта.

" Эвххьаза дIасалелийла дара сан зудчуьнца, муьлххачу а хенахь, сайна луъуче. Дац иза божарий-таксисташ вон бу бохург.  Луларчу мехкашкахь а гинера суна зударий-таксисташ. Со зен йолаелира и агIо, дагадеара Нохчийчохь а схьаелла зударийн таксопарк. Интернетехула ас юкъарло лелочу зударшк а хаьттира ас, цара къобалбира сан некъ», - дагалоьцу Мадинас.

Делахь а атта дацара махкахойн кхетам карчо! «Муха, таксист-зудий?!» - цецбуьйлура нах.

«Юьхьанца реза цахилларш буьйлабелира тхан такси шайна еха, цуьнца дIасалела», - дагалоьцу зудчо.

"Тхо аьшнаш дечех вара цхьа стаг. Цо цкъа шен зудчунна кхайкхира тхан такси. Оцу дийнахь дуьйна тхоьга бен дIасалелайойтуш а яц иза! ТIаьхьо ша телефон а тоьхна, тхо шена къинтIера а дехира цо. Иза дац, тхо массара а къобалдо бохург – зударий-таксисташ кест-кеста бо емал», - леткъа Мадина.

 

«Мехкарийн» клиентех дукхаберш шайгарчу динан кхетамца доьзна боьршачу нахаца машена чохь дIасалела лууш боцу зударий бу. Цундела олийла дац и таксопарк конкуренцехь ю кхечу компанешца.

Кхузахь таксин мах а бу Нохчийчохь кхечу таксин берриг: машен тIекхайкхарх – 60 сом, некъах – 15сом/километр, хьалхара 3 километр - маьхза.

 Таксопаркан директор реза ю шен проекто финансийн агIор бохьучу пайдана а. Делахь а, шен коьрталазам а бу компанин – хала ду зударий-машенлелорхой лаха.

"Хала ду машен тоъал дика лелош болу зударий каро. Кхин цхьа хIума а ду – хIора таксистах-зудчух жоп луш волу верас а хила веза. Зуда - зуда ма юй, цунах жоп дала деза. Ишта бен оха балха а ца оьцу зударий. Нисло, хьалха такси а лелийна, цхьаьнхьа гIуда шайна тIехьарчийнарш я низамехь таIзарш лайнарш», - дуьйцу Цакаевас.

Машенлелорхой-зударий кIезиг бу ала дац шен, амма оьшшу хаарш дерш дефицитехь бу, элира «Мехкарийн» директоро.

«Тхан такси чу бегашийна а ховша йиш яц божарийн!»

ВорхI бутт бу 42 шо долу Зарина компанехь таксилелорхо йолу.

Балханна реза ю иза, амма бу цхьа лазам – хан ца тоьу шен доьзалца яккха. «Таксица болх бан хала ду, шу кхета-кх, Iуьйранна арайолу, буса чуйогIу», - боху цо. ХIетте а реза ю Зарина «Мехкарий» паркерчу шен балханна.

«Массара а баркалла олу,  хеза кест-кеста, «мел дика ду хIара такси йолуш». Некъа тIехь машенлелорхоша-божарша ларам а бо. Хийла хуьлу, уллехь йоьдучу машенан кор охьа а дохуьйтий: «Дела реза хуьлда хьуна!» - олуш. Цхьаволучо тхан машенан сурт а доккхий, ша чувахча, зудчунна гойту, хоуьйту цуьнга, хIинцачул тIаьхьа иза тхан таксешца бен лелар йоцийла», - йоьлуш дуьйцу Заретас.

Цо бахарехь, божарша а туху таксопарке телефон, цара шаьш кхойкху шайн йижаршна, зударшна такси.

"Мароша дукха етта телефонаш. КIенташа а кхойкху шаьш тIехьийзачу мехкаршна тхан машенаш. Тхоьгахула шайн беза-бевзачу зударшна совгIаташ дIадохьуьйтурш а бу дукха. Шекбуьйлурш а хуьлу, оха беккъа зударий бен дIаса ца лелабо бохучух. Амма тхан такси чу бегашийна а ховша йиш яц божарийн!» - боху зудчо.

«Божарий къинхетаме хуьлу некъаш тIехь»

Индирас, такси лелаен 12 шо ду. «Мехкарий» компане иза еана бац ши бутт бен. Цунна новкъа ду таксопаркана белхалой ца карош – такси кхойкхурш дукха бу, ткъа паркан йиш ца хуьлу хIоранна тIаьхьа машен хьажо.

«Ши бутт баьлла ас болхбен, ала ду – вуно дукха бу тхо оьшу зударий. Халахета тхаьш кIезиг долуш. Оцу бахьаница тхан такси 40 минотехь ларъян езаш а хуьлу клиентийн кест-кеста. Хийрачу божарийн таксешна чухийша ма ца лаьий царна!» - дуьйцу Индирас.

Белхалой-зударий ца тоьура аьлла, белхан низам малдан йиш яц паркехь.

«Тхан клиенташца дукха хьолехь церан бераш а хуьлу. Нисло зудабер школе дигахьара я цIадаладахьара олурш а. Цундела тхан компанера муьлхха а машенлелорхо 100% профессионал хила еза», - боху Индирас.

Зуда-машенлелорхо массо а божаршна ца тов – кура къамел дийраш а Iиттало некъаш тIехь.

"Зудчунна-такстстна мелла а хала ду лела, тхо цадезарш а нисло. Ас Москвахь а бина болх. Тамаше хета суна цхьа хIума - божарийн оьгIазалла. Хьайн яха ма-еззара дIайоьдуш хуьлу хьо некъаца, хьелашка хьожжий, машенал хьалхайолу – эццахь дог детIа боршачу стеган –хьоьца некъ къовса волало иза. Стенна? Со а яц, цуьнан йоллу бакъо а йолуш, шофер?!» - къадабо Индирас шен лазам.

 

ХIан-хIа, ца боху зудчо массо а боьрша стаг-машенлелорхо ву вон. Дукхаболу божарий къинхетаме хуьлу, ларамбо шега ша зуда хиларна, дуьйцу цо. Масала, Нохчийчохь, орцан стогарш а латабой, хьо соццушехь, тIебогIу божарий, кийча хуьлу накъосталла дан, оцу маьIанехь махках дозалла а до цо.

«Нохчийчуьрчу оцу гIиллакхах йоккхаеш йисина со, аьттехьа а дац иштаниг Москвахь», - боху Индирас.






Загрузка...


Губернаторы России
Москва

Собянин: На майских праздниках парковка в Москве будет бесплатной


Спорт в России и мире
Москва

Расплата за расточительство! ФК «Оренбург» на домашнем поле уступил ФК «Динамо» (Москва) – 1:2


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

Хромачёва и Бабош выиграли турнир WTA в Руане в парном разряде


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Московскую компанию заподозрили в хищении 103 млн рублей при реализации нацпроекта в Орле





Путин в России и мире
Москва

Тема дня: Путин назвал сохранение духовных ценностей условием укрепления суверенитета


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Лукашенко убежден, что белорусы «никогда еще так хорошо не жили»




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Ru24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Во Франции назвали бредом слова Зеленского про угрозу Путина Европе


Навальный в России и мире
Москва

Патриарх Кирилл запретил в служении священника, проводившего панихиду по Алексею Навальному



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Пианист

Пианист из Электроуглей получил областную премию



Москва

Продлить жизнь помогут движение, отсутствие стресса и добрые друзья

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net