123ru.net
World News in Chechen
Октябрь
2019

Соьлж-ГIаларчу "интернет-троллийн пхьалгIахь"

0
Соьлж-ГIаларчу

Бзаров Аслан

"Грозный" телекомпанин директора Дудаев Ахьмада хаийтина, муха жигарбаккха беза Нохчийчуьрчу хаамийн гIирсийн болх. Карлайохуш ю структураш. Iалашо ю пропаганда шоръяр, махкахойн кхетам Iедална тIеберзор, критикашна духьалояр.  

Прессехь болхбечаьрца хиллачу цхьаьнакхетарехь "Грозный" компанин директора (мехкан куьйгалхочун хьехамча а ву иза) дагадаийтира Кадыров Рамзан а, ерриг Нохчийчоь а кхечу мехкийн прессо цахеддаш тидамехь латтош хилар.

Дудаевс бахарехь, регионан мостагIаша диллина "бакъдоцург дуьйцу интернетехула, Нохчийчуьра хьал дохон гIерташ".  

Махкарчу медиахолдингашкахь хуьлу хийцамаш а бовзуьйтуш, Дудаевс декхаребира журналисташ республиках лаьцна яржочу "негативна" духьалхIитта.

Тумсо – белхан эвсараллин терза

Стенна шоръеш ю медиакомпанеш, хIунда цхьаьнатухуш бу Нохчийчуьра хаамийн гIирсаш, дийцира "Кавказ.Реалиига" "Грозный" телекомпанехь болхбинчу анонимо.

"Кхо бутт гергга хьалха Концертан чоьне дIагулбира массо а журналисташ. Кадыров Рамзана довдира тхуна, дика бан беза болх, бохура. Хастийра "Нохчийн Республика тахана" агенталлин коьрте хIоттош волу Ахмадов Чингиз, мостагIашна дика дуьхьаллаьтта иза, бохура. Дуй иза [оппозицехь волчу блогерна Абдурахманов] Тумсона дуьхьалоян еза бохург? Цхьана агIор, ду. Тумсох белхан эвсараллин терза хилла, духьалонан васт ду и блогер. Тумсос шена гергагулбина нах, оппозицин кепе баьхна. Цу тIе, гушйолу оппозици ю иза, шен болх беш а, махкарчу куьйгалхойн имидж талхош а йолу", - дуьйцу дукха хан йоццуш Нохчийчуьра дIавахначу журналиста.

Цо бахарехь, "паника яьлла" медиа-хьаькамашлахь.

"Конкуренци йолчу, критика лелачу хьелашкахь болхбан ца хаьа хьакамашна. Хала ду царна шаьш емалдечаьрца къийсабала, царна хуург цхьаъ бен дац – ницкъаша стаг дIасацор. Цундела яьлла и паника", - дуьйцу "Грозный" ТВ-н штатера дIаваьллачо.

"Маьрша ойла эша ца яло"

"Грозный" ТВ йитинчу журналистна гарехь, Нохчийчуьрчу хаамийн гIирсашна хийцамех кхочундерг цхьаъ бен дац – шайна тIехIиттийначу хьаькамийн буйна берзар.

"Суна хетарехь, кIезиг маьIна ду керлачу кепан. Журналистика йийна, цхьа аде доцуш Iуьллу, бац профессионалаш, хIума дуста, зен ца хаьа, мехкан куьйгалхочунна ма-луъу хийца езаш нисло массо а ойла, оцу хьелашкахь волийла дац маьрша кхетам дIалакъон ницкъ болу говзанча", - аьлла хета "Кадыровн системера" веддачунна. 

ХIоьттинчу суьрто дендерг цхьаъ бен дац, боху цо – интернет-аьшпаш кхуллу "троллийн пхьалгIа" естор.

"Ши шо хьалха дара журналисташка шайна социалан машанашкахь агIонаш схьаелла аьлча. Шайна оьрсийн цIерш а техкина, кхечу регионашкара  шаьш долуш санна, интернетехь Кадыровн имидж лакхайоккху йозанаш дан, комментареш язъян декхаребира уьш. Бакъдерг ала деза, массара ца дира и омра кхочуш, дукхахболучара шаьш оцо пайдабоцчу доху, бохура. Массарна а тIедиллира, интернетехь Нохчийчуьрчу Iедална луьйш мел болучийн никаш, цIерш дIаязъяр. Уьш тIаьхьо "кхачон еззаче" кхочур йолуш яра", - боху журналиста.

Цо дийцарехь, Нохчийчохь "троллийн пхьалгIано" болхбен меттиг ю "Грозный Сити" комплекс. Оьрсийн цIерш ю "ботийн", цара интернетехь хеставо Кадыров видеошна бухахь а, комментарешкахь а.

Дуьххьара дац и тайпа информаци "Кавказ.Реалиин" хьостанашкара яржар.

Пана-мехкашкарчу блогершна дуьхьал

Биллина шеца Нохчийчуьрчу функционераша "троллийн пхьалгIанехула" тIом латтош волчу нохчийн блогерна Абдурахманов Тумсона хетарехь, пропаганда чIагIъярхьама беш бу махкарчу хаамийн гIирсашкахь хийцамаш.

"Цхьаьнатухучу хенахь хуьлуш болу хийцамаш. Хаамийн гIирсашна тоьхна гIоьмаш чIагIъяр ду иза. Реорганизацин Iалашо ю пропагандин доладар аттачу даккхар, и пропаганда чIагIъяр. ХIара реорганизаци еш ю бIаьста Кадыров Рамзана дина омранаш кхочушдархьама (Охан-баттахь Кадыровс Дудаев Ахьмадна а, Даудов Мохьмадна а кхо бутт белира Нохчийчоьнна а, Оьрсийчоьнна критикаш тIелетар юхатуху система кхолла – ред.). Гарехь, я кхаа батто а, я эха шаро а жамI ца делла. Цундела рогIера тIегIа ю пана-мехкашкарчу блогершна дуьхьалоян кхуллуш", - элира Абдурахмановс "Кавказ.Реалиига".

"Грозный" телекомпанин директорна Дудаев Ахьмадна хетарг дешархошна довзийта дагахь яра "Кавказ.Реалии", цуьнга республикехь хаамийн гIирсашна тIехь хийцамаш бар стенца доьзна ду ша хоттуш. Амма аьтто ца белира жоп хаза. Кадыров Рамзан Малхбале вахарца доьзна ша къамелаш дан мукъа хан йоцуш висина, элира цо.






Загрузка...


Губернаторы России
Москва

Собянин рассказал о реновации в Академическом районе


Спорт в России и мире
Москва

Легендарный вратарь Мануэль Нойер стал амбассадором Hisense на Чемпионате Европы по футболу – УЕФА ЕВРО 2024™


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

Вторая ракетка Казахстана опустилась в чемпионской гонке WTA


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

Экологический телемост регоператора МСК-НТ связал школьников Подольска и Москвы





Путин в России и мире
Москва

Шойгу рассказал о формировании Московского и Ленинградского округов


Лукашенко в Беларуси и мире
Минск

Сегодня президент Беларуси Александр Лукашенко встретился в Минске с губернатором Поморья Александром Цыбульским




123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Ru24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Зеленскому предложили не ограничиваться Бандерой и захоронить на капище под Киевом молекулы Гитлера


Навальный в России и мире
Москва

Мосгорсуд оставил в СИЗО журналистку Фаворскую, обвиняемую в экстремизме за репортажи о Навальном



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Фёдор Шаляпин

Музей Федора Шаляпина будет открыт в Уфе



Москва

Заключение договоров на ветуслуги упростили в Подмосковье

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net