Цхьана базар хIоттор ю ГIалгIайчоьнан а, ХIирийчоьнан а Iедалша
ГIалгIайчоьнан а, Къилбаседа ХIирийчоьнан а Iедалш дагахь ду цхьана юьртбахаман сурсаташ духку базар хIотто, ГIурбан де тIекхачарна хьажийна.
Цунах лаьцна хаам бина ГIалгIайн Республикан премьеро Гагиев Руслана, хаам бо Кавказ.Реалиино.
Базар хIутттур ю Пригородни кIоштахь кху беттан 18-чу дийнахь.
ГIурбан де коьртачу дезаденойх цхьаъ ду Исламехь.