123ru.net
World News in Chechen
Январь
2018

Бексултанов Муса. Невцан цIентIе – нана йолчу

0
Бексултанов Муса. Невцан цIентIе – нана йолчу

Бексултанов Муса

Невцан цIентIе – нана йолчу

Дахар-м, хIета, цхьанаэшшара меллаша дIатекхаш дара, дей-буьйсий хийцадаларехь кхаъ-кхало а ца кхочуш, йоккхачу стага "ахIухI" а деш - яла йижинчу йоккхачу стага, - несо мерах шок а етташ.

Ненан кIантана – доьзалан ден – шех а, ненах къахетара, юьхьIаьржонан тас Iанале кхаъ кхачаре са а туьйсуш.

Кхаъ-кхало ца кхочура – яла ца лора йоккха стаг, – йоккха стаг яла ца туьгура. КIант балхара мукъаваьлча – котельнехь хехо, – дукха гIийла волалора цIехьа, гIаш, меллаша, цхьацца ког а боккхуш, чукхачарна кхоьруш санна, ахтобус а, газель а юьтуш, ойла ерриг дIа а йоьдий.

Кхетта-кхеттачуьнца саца а гIуртура, хьал-де хатта, вистхила, цIенна улле мел кхочу, лергдиллина, сема ла а дугIуш.

Хан йойу-уш, эххар а, шайн уьйтIа кхаьчча, уьйтIа кхочуш, подъезд гича, зударий, нах, цхьаъ-м кхайкхаре сатосура: "Хьенех" – аьлла, цIе йоккхуш, цхьамма-м ша сацаваре, - Дала гечдойла Сапихьатана, Дала собар лойла хьуна…", – олуш.

Саца ца вора цхьаммо а я тIаьхьа стаг а ца кхойкхура…

ХIокху шоллагIчу шарахь иштта, шен хIусамера юьхьIаьржо араяларна кхоьруш – нахана гарна, дIахазарна (шен йижарий а кхетарна кхоьруш, марехь йолу ши йиша) – бала хьоьгуш воллура хIара, ма-дарра бакъдерг хиъча, йижарша нана шаьш долчу дIаюьгур юй а хууш, невцан цIентIе шен ненан хьал-де хаа ца иха гIерташ, шегара бала хьул а бина -  зуда а, йоI а шен нене цахьажар, - нана юьлуш, иза лийчош, зудчо дан мел дезарг шен куьйга ша деш: нана шозза инсульт а хилла, мотт а сецна, Iуьллуш яра, цхьа куьг бен меттахъхьовш а доцуш.

Цуьнга цхьа а дош а ца алалора, цхьа "бур-бур" а деш, бIаьргаш дIасакерчор бен. ХIара Iуьйрана ненан гIуллакх а дой воьдура балха, юха хIора а делкъехь ма-хуьллу сиха чу а хьодуш, тIаккха юха а балха дIаваха.

ХIара чохь волуш я воцуш, кхуьнан йижарий кхачахь, царна шайн нана хаза цIена, цхьа а хьожа а, мода а йоцуш караяйта гIертара хIара, бер санна, цIена йижина Iуьллуш. Кхуьнан зуда а хуьлура тIаккха, маьрйижарех цхьаъ нисъелча: "Мама лийча а йина, мамига хIума а кхаллийтина…", – бохуш, гIайба нисбеш, одеялах куьг Iуттуш, гуттар дика нус а хилла, цхьа гIиллакхе, елаелла хьийзаш.

Кхуо Деле собар доьхура, зудчуьн цIе таса йиш а йоцуш, садетта са а кхачийна, ца хууш а шен багара дош далахь, юьхьIаьржонах вала меттиг боций а хууш шен, йижарша нана дIа а йигна; кхузахь Iен-м церан йиш а яцара – шиннан а бераш кегий дара, шишша-кхоккха шераш долуш.

ТIаккха иштта, зуда лекхалучохь ша чоьхьаваьлча, мотт а, дегI а сецнехь а, дерригенах а кхеташ йолу йоккха стаг, ши бIаьрг тIе а къевлина, Iуьллуш карайора кхунна, шен нус ца гархьама, шена ган лууш йолчу шен йоIе а ца хьожуш.

Нус лекхалуш хуьлура, бага ваьшта ца юьллуш. Юха, чувеъна хIара гича, кхин а гIеххьа лекха а лой, зуда дехьа чу йолура: "Шу, хIета, цхьаьна дита ас, шун дийца хIума а хир ду шайн!"! - олуш.

Нанас ши бIаьрг боьллура тIаккха, дехарца санна, кхуьнан бIаьра а йогIалуш. ХIара а соцура, кхин ду-дац а ца олуш, зудчуьнца бертавахча санна. Шина йишех цхьаъ наггахь цхьацца де-буьйса даккха соцура: "Оцу зудчух эхь хета-кх, цуьнга жимма са а доIуьйтуш…", – олий, шайн несана бехкала а йоьдуш.

Кхуо хIумма а ца олура, ненах дерг цкъа къаьстича, ша дендерг а хууш, кийрара хьалагIерта алу, къурд барца, юха а тоьттуш: ларамза а йижаршна бакъдерг цкъа дIахаахь, шена тIекхочу йолчу юьхьIаьржонах ларлуш – нанна тIехIотта невцан цIен тIе иха везарх.

ХIаъ, хIоразза а, сарахь иштта, ша балхара вогIуш, лифт ехна, сиха цавоьдуш, гIаш меллаша хьалаволалора хIара ламешна тIехула, ша ворхIалгIачу гIат тIе кхочуш, са а хилла – ша чукхачале, - юха балха ваха са а туьйсуш. Белхан хан генахь гуора.

НеI тухура, горгали а буьтуш, мелла а хан яйархьама, чу кхачале чу а ца кхочуш. НеI цIевзара, йоьIан ахдерзина дегI кхос-кхоссалуш, къайла а оьккхуш. Зуда хаалуш а ца хуьлура; йижина хуьлура дехьа чохь, цамгар йолу кеп лелорца, хIара цIа вогIу хан а лорий.

Ненан доIа хезара, доьлхуш, цуьнан мотт боцу "бур-бур" а.

Нана йолчу чуьра хьожа йогIура, неI херйича – хьацаран хьожа. КIанта доккха садоккхура, тIера бедарш – цхьацца йоккхуш – дIаяха а волалуш. Нана йолчу чуволура, ший а кор дIадоьллуш, нене хIун хьал ду хоттуш. Дерриг гуш а, хууш а дара, хатта, ала а ца оьшуш – ненехь цхьа а хьал дацара. Ненан узарш дIасовцура, садеIар а лахлуш. Нана цхьаъ-м ала гIуртура, шен "бур-бур" а кегош, лула-куларчу стаге санна, бен а доцуш, цхьаъ-м ала, цхьа а гIело йоцуш санна.

КIантана велха лаьара тIаккха, ша а, нанас а лелошдерг чекхсагуш дуй а хууш, шайн вовшийн дог а кхаьрдаш.

- ХIума кхаьллиний ахь, нана, - хоттура кIанта, йоIа мукъана а хударан Iайг ца оьхьна-те, аьлла, хеташ, - хIун йиъна ахь? – олий.

Нанас шен "бур-бур" дуора, йиъна ша, ала гIерташ. Йиъна хIумма а ца хуьлура, делкъана кхуо балха тIера хьаьдда веана малийна хилла шурин тIадам боцург.

ХIара цхьацца дийца волалора тIаккха шен зудчуьнга, эрна дуйла хуъушехь, Iан а ца лой, ша тулур воццушехь: "Адамаш дац шу, эхь ца хета шуна… оцу йоIе мукъна а цхьа хинтIадам ца болуьйтуш…", – олий, церан эхь самадаккха гIерташ, йохьебаха, бехкалабига.

- Ахь цу йоIе хIун боху, хIай! Иза-х бер дай, цуьна-м шен гIуллакхаш дай, хьан нене ца хьаьжча а! – мохь болура зудчуьнга. - Цхьанхьа ишкол ю, дополнительнеш, тIаккха ингалсан меттан курсаш, ЕГЭ-на бан беза кечамаш… иза муха хьожу хьан нене, цуьнга лелало лазархо, цу беран тIорзе… Шиъ йиша ма ю хьан, деш-дуьтуш а доцуш, Iаш, хьошалгIа санна, кхуза гучу а хIуьттуш суна… дIайигна, шиммо а шайн нана ца лелош, кху хурщевкин шина Iуьргахь со а, хIара йоI а ца хьийзош… кху чохь хIара жоьжахати а хIоттийна тхойшинна… йоIанна шенна чоь еза тахана, йижа-гIатта а, шен гIуллакх дан а, зудабер ма ду иза, кхиъна догIуш… нехан мехкарша Европера цIа а оьхуш, лелабо шайн наной ,цIа а, цIе а, бахам а, доьзал а охьатосий… суна а лаьа, нахана санна, яха, со а яц могуш, берриг букъ а, дегI а, настарш а ю лозуш… тIехула тIе, и хьожа а кху чохь, кхай чохь санна…

ЙоI а хуьлура, шина а лергах дохкучу цхьана серишца, хене кхочуш а, ца кхочуш а йолчу пазатан готтачу кучахь, тилпо а буйнахь, юьхь тIехула охьакхозучу кIозаршца, шен ненал шиъ, аьлла, онда, кухни чуьра цхьацца хIума бага а кхуссуш, сих-сиха чухула дIасауьдуш: "Ма, там запах, прикрой ту дверь", – олуш, шен чуьра схьа мохь а бетташ.

ЙоI цкъа а, Дела хьан аьлла, йоккха стаг дегIан долараяьлчахьана, денана йолчу цкъа чу а ца яьллера.

ХIара тIаккха, наггахь дог а детIий, чугIуртура зудчунна, хьо хьакха а, нал а, текхарг а, олуш, ворхI-вейттий вен санна, гIовгIа а йоккхуш.

Зуда южура, лазар деъна моттуьйтуш, кхетамчуьра яьлча санна, цIенкъахула дIасакерчарца, «къорш-къиршшехь» цергаш а "отуш". ЙоI нанна тIеетталора: "Мам, не оставляй меня, – мохь хьекхарца, – не умирай, мам"! – догIа санна, охьаелха а хьодуш.

Йоккхачу стеган узарш хезара, сихдина доху синош, кхуьнга саца, жимма сатоха, ала гIерташ. Зуда кIирнахь ца гIоттура, кхуо цкъа иштта бага тоьхча, мотт сецча санна, цкъа а йист а ца хуьлуш, пенехьа дIа а йоьрзий, наггахь байн узар а беш, Iуьллуш хуьлура, кхунна гуш, хIара чохь волуш, юучух мотт а ца тухуш. Юсаелла лелаш йоI а гуора, кхуьнца минот ца яккха, хIара волчуьра ида а уьдуш.

Иштта, дено кIира хуьйцуш, кIиранашца бутт азлуш, ши шо а даьлла, кхоалгIа шо доладеллачу Iай, ша ма-иххара балха а оьхуш, юха делкъехь чу а уьдуш, буьйсанашкахь нана лийчош – дийнахь йижарий тIекхачарна кхоьруш, – са а, пха а хаьдда лелачу кхунна, цхьана сарахь, ша балхара чувеъча – гуттар а санна, гIийла, меллаша, – нана йолчу чуьра неI шаршонца тIекъевлина гира, гураний, неIарний юкъе шаршо лоцуш.

ДIатеттича, елла а ца лора неI. Белш тоьхна, неI дIа а кхуссуш, чоьхьаваьлча, хьожано мара чахчийра, хьаштагIна чу воьжча санна хеташ. Нене мохь белира, узаршца елха а йолалуш: кхуо делкъана балхара хьаьдда веача, памперс йиллина а ца хиллера, Iуьйранна йиллина хилларг дIаяккхар бен, балха тIера схьа тилпо тоьхча, сихаллехь виц а велла.

Нанас къаьхьа-де динера шена тIехь а, цу меттахь а, халла болх беш долчу шен цхьана куьйга боьхаллаш дIасахьекхна. БIаьрса а дайна, сехьа чу иккхинчу кхунна йоI гира шен. Кхунна ша цунна хIун туьйхира а ца хиира, цуьнан мохь хазар бен. Зуда ца гуора. Кара ца йора. Зуда цхьанхьа дIалечкъинера. Зуда кухнин неIарна тIехьара араоьккхуш хааелира, пхьаьрса кIелахь баккхал а йолуш.

ТIаьхьаедда йоьдуш йоI а яра. Ламеш тIехула тата дахара, «гур-гур» дарца, бухаяккха санна, подъездан неI тIе а кхеташ.

Нана цу буса, сахуьллуш, гIелъелира, шоллагIчу Iуьйранна дIа а йолуш.

Цхьаъ-м ала а гIиртира иза кхуьнга бIаьргашца. ХIара ца кхийтира.

Тезет юьртахь дара, кхуьнан дешичин кертахь. ХIусам дукха готта яра чIогIа, цIийнах хоттаелла йоллуш цхьа рагIун - бахьна а йолуш.

ЦIа чохь зударий бара, котамийн фермехь санна, гIараш еш.

ХIорш рагIу кIелахь Iара, боьрша нах.

- Дера лелий-кх и шен марнана-м кхуо – аз хезира чуьра схьа, – куьйга-карара охьа ца юьллуш, и бер санна-м лелий, дийнахь шозза мотт хуьйцуш, шишша де мосазза долу мелчу хица лийчош, мIара хадош, мас тоеш, Iуьйранна йина юург, делкъана бете ца кхоьхьуш, хIора рожехь бен-бен бовха кхача кечбеш, – стунйижарий бара луьйш, шайн йишас марнана лелор дуьйцуш, хIорамма а шег-шеггара, кхин а керла-керла гIиллакхаш а дагардеш шайн йишин. Уьш кхуьнан йиъ яра, йиъ стунйиша.

- Ас дина-м хIума дацара, Маяни, Седа… сайн декхар кхочушдан гIертар

бен… ма дийцийша иза, совцийша… дера яра мама оьзда стаг, и малик санна, хьаъа а гехь лело а мегар йолуш… "Сайн мехкаршна ца кхочуьйту-кх ахь со,  Майса, Дала ялсамане лойла хьуна!", – бохуш соьга, ас динарг цхьа доккха хIума долуш санна шена, – кхуьнан зудчуьн аз Iенара, зударша шайг-шайгара баркаллаш а бохуш, гIезаша йо гIовгIа санна, цхьабосса "кIар-кIар" дарца.

Юха йоIе, Iоьттича санна, мохь оьккхура юккъехула: "Ва, баба-а, ас хIун де, – бахарца – ахIи-ахIи", – деш.

- Саца, йоI, сатоха жимма… собар деха хьайна Деле… дуьне ма ду хIара иштта…, – нана йоI теян гIуртура, – чIогIа тIера яра хIара, миска, шен денанна, – олуш зударшка.

Йижарийн аз ца хезара, кхуьнан йижарийн доьлху аз.

Цаьрга рагI ца кхочура. РагI кхечара дIаяьккхинера.






Загрузка...


Губернаторы России
Москва

Собянин открыл движение по путепроводу через МЦД-3 и будущий ВСМ


Спорт в России и мире
Москва

Ставропольский гандбольный клуб «Виктора» в Москве уступили армейцам


Загрузка...

Все новости спорта сегодня


Новости тенниса
WTA

WTA отреагировала на битву Елены Рыбакиной с топовой теннисисткой за полуфинал турнира в Майами


Загрузка...


123ru.net – это самые свежие новости из регионов и со всего мира в прямом эфире 24 часа в сутки 7 дней в неделю на всех языках мира без цензуры и предвзятости редактора. Не новости делают нас, а мы – делаем новости. Наши новости опубликованы живыми людьми в формате онлайн. Вы всегда можете добавить свои новости сиюминутно – здесь и прочитать их тут же и – сейчас в России, в Украине и в мире по темам в режиме 24/7 ежесекундно. А теперь ещё - регионы, Крым, Москва и Россия.


Загрузка...

Загрузка...

Экология в России и мире
Москва

США включили ряд российских блокчейн-платформ в список SDN





Путин в России и мире
Москва

Глава МЧС России Александр Куренков представил начальника московского подразделения ведомства


Лукашенко в Беларуси и мире



123ru.netмеждународная интерактивная информационная сеть (ежеминутные новости с ежедневным интелектуальным архивом). Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Ru24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net.

Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам объективный срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть — онлайн (с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии).

123ru.net — живые новости в прямом эфире!

В любую минуту Вы можете добавить свою новость мгновенно — здесь.





Зеленский в Украине и мире
Киев

Киев признал стагнацию ВСУ по всей линии фронта


Навальный в России и мире
Москва

«С какой целью вы пришли почтить память? Он вам родственник?» В Москве осудили девушку, которая пришла возложить цветы в память о Навальном



Здоровье в России и мире


Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России






Загрузка...

Загрузка...



Рэпер ST

Рэпер ST признался, что не смог написать песню о трагедии в "Крокусе"



Москва

40% жителей ЦФО регулярно занимаются спортом

Друзья 123ru.net


Информационные партнёры 123ru.net



Спонсоры 123ru.net